ПРОЕКТ — презентация
logo
ПРОЕКТ
  • ПРОЕКТ
  • ПРОЕКТ
  • ПРОЕКТ
  • ПРОЕКТ
  • ПРОЕКТ
1/5

Первый слайд презентации: ПРОЕКТ

1аламах лаьцна Кеч йинарг : 3 классера дешархо Касумов Исмаил Б.

Изображение слайда

Слайд 2

1алам вайн лаьттан хазна ю. Цо ло вайна могушалла а, синкхача а, дахаран мел оьшу х1ума а. Цундела доккха маь1на долуш ю адаман 1аламца йолу юкъаметтиг. Нагахь адам 1алам дезаш, цунах кхеташ, цуьнан мах бан хууш хилахь, цу адаман дахар а хир ду чулацам болуш а, доккха маь1на долуш а.

Изображение слайда

Слайд 3

1алам дезаш волчу стага синтарш дохор дац, дитташ охьадетташ, хьаннаш а, бошмаш а х1аллакйийр яц, олхазаршна а, садолчу х1умнашна а ницкъ бийр бац. Царна оьшучохь г1о деш хир ву : баннаш деш а, 1анхенахь ялта тосуш а. Нагахь лазийна олхазар карадахь, цунна лоьралла дар а, къинхетам болуш хилар а т1едужу бусалбачу стагана.

Изображение слайда

Слайд 4

Масала : Хасаев Хь. яздинчу дийцаран т1ехь, коьртачу шина турпалхочо г1о до т1ам лазийначу ч1ег1аган. Цу суьрто вайна гойту 1алвий, Махьмий къинхетам болуш, 1алам дезаш дика ши к1ант хилар. Вай тешадо авторо царах буьззина къонахий хирг хиларх.

Изображение слайда

Последний слайд презентации: ПРОЕКТ

Таханлерчу дийнахь адамо 1аламна беш берг боккха ницкъ бу. Ас ца юьйцу заводаш, фабрикаш, цара бехдеш долу даккхий хиш, х1аваъ. Уьш бехдар бахьана долуш, адамийн а, дийнатийн а могуишаллин хуьлуш долу зенаш. Х1ора адаман декхар ду ша вехаш волу меттиг, урам ц1ена латтор, хьуьнах вахча а, кхечахь садо1а вахча а шена т1аьхьара охьакхиссина х1уманаш ца йитар, ша болх беш волу меттиг ц1ена латтор. Со тешна ву цу т1ера д1а а доладелла, вайн дахар дикачу аг1ор хийцалург хиларх.

Изображение слайда

Похожие презентации